СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист вийна аьлла хетачийн суьрташ зорбане даьхна
![СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист вийна аьлла хетачийн суьрташ зорбане даьхна](https://gdb.rferl.org/704C6790-A4BF-40E0-AB9C-7B8E09F1CB3A_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Туркойчоьнан президенто ЭрдохIан Реджепа "нах байина тоба" аьлла, билгалбаьхначу нехан суьрташ Iорадаьхна туркойн хаамийн гIирсаша. Цо чIагIдарехь, уьш бехке бу СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист Хашогги Джамал къайлаваккхарна. Хашогги вайна карарчу беттан 2-чу дийнахь, Истанбулерчу саIудахойн векалалле чувахначул тIаьхьа. Зорбанашкахь яздарехь, бертаза Iаьржачу фургончу а тоьхна, вигина хилла иза СаIудан консулан хIусаме. Associated Press хьостано хаамбо ишта.
Паччахьан доьзалх лаьцна критике артиклаш зорбане яхарна иза вийна хила тарло аьлла, саготта бу Туркойчоьнан векалш. ООН-о инцидент катоххий талла аьлла, тIедожийна Туркойчоьнна а, СаIуда Iаьрбийчоьнна а. Эр-Риядо бехкаш тIе ца лоцу.
Цара чIагIдарца, консулаллехь дукха хье ца луш, дIавахана хилла Хашогги. Хиллачух дах ца деш шайга дийца аьлла, СаIуда Iаьрбийчоьнан векалшна тIедиллина, и ситуаци шен тергонехь латточу ЭрдохIана.
Хьалхо туркойн Iедалша дIахаийтира, Хашогги вар толлуш, консулаллан хIусамах хьовса бакъо елла шайна аьлла.
Хашогги Джамал, Iарбойн, Малхбузен хаамийн гIирсашца цхьана болх бечу Al Arab News каналан директор вара. Карарчу заманчохь ЭР-Риядо лелочу политикана дуьхьал артиклаш зорбане йохура цо.