Украинехь дIалаьцна Сайнароев Салман
![Украинехь дIалаьцна Сайнароев Салман](https://gdb.rferl.org/5AF2D973-B312-4FC2-B4B4-2FFD2C07B214_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дIабоьхучу кавказхошна тIехIуьттуш волу ГIалгIайчуьра вахархо Сайнароев Салман дIалаьцна полицино Киевна гергахь. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан лулахочо.
"Иза вехачу петаран неIарш йохош, чулилхинера полисхой. Карарчу заманчохь хIусамах хьовсуш бу", - аьлла хаамбинчо.
Цуьнгахь йолчу информацица, Сайнароев бехкево Украинан Iедалша стаг верна. ГIалгIа дIалацарх информаци бакъйина Сайнароевн адвокато Симоненко Златас а. ГIирмера а, Къилбаседа Кавказера а схьабевлла бусулбанаш бехачу Чайка олучу эвлахь лаьцна Салман, адвокатан хаамца.
Украинано байначу беттан 12- чохь Оьрсийчоьне дIавеллачу Тумгоев Тимурана гIо доьхучу барамехь жигара дакъалаьцнера Сайнароевс.
Москохо дIабоьхучу кавказхошна юридикан а, кхидолу а гIо латтадора Сайнароевс. Хьалхо дIахьединера цо, Украинерчу полисхоша кхерамаш туьйсу шена аьлла.