Юучух дIавш даьлла Соьлжа-ГIаларчу дарбан хIусаме кхачийнарг 17 стаг
![Юучух дIавш даьлла Соьлжа-ГIаларчу дарбан хIусаме кхачийнарг 17 стаг](https://gdb.rferl.org/FCC6139C-B3FE-4B33-BACF-86B72783EC3D_cx0_cy4_cw0_w800_h450.jpg)
Соьлжа-ГIаларчу кафечохь кхачанах дIавш даьллачийн терахь кхуьш ду. Керлачу хаамца дахначу кхааридийнахь дуьйнна 17 стаг ву дарбан хIусаме валийнарг, хаамбо ТАСС агенталло, могушаллин министраллан информацех пайда а эцна.
"Соьлжа-ГIаларчу инфекцийн лазарийн центре кхачийна 17 стаг. Шахьаран кафечохь котам йиинчул тIаьхьа, чуьйрашкахь лазарш хааделла хилла царна. ПIераскандийнахь 12 сахьт даьллачу хенахь валийна дарбан цIийне 17-гIа лазархо", - аьлла, билгалдаьккхина министралло.
Ишта цара даредарца, 15 стаг лоьрийн тергонехь вьуссуш ву, царлахь ши бер а ду. Хьалхо балийначех 6 цIахь дарба лело араваьккхина, шиъ гIоле хилла дIавахна. Нохчийчоьнан прокуратурнао талламаш бу дIахьош оцу гIуллакхна гонах. Шеконашкахь хилла кафе дIакъевлина.