Соьлжа-ГIалахь вазвина Кадыровс Нурмагомедов
Дагестанера латархо Нурмагомедов Хьабиб вазвеш, шун хIоттийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь. "Еаридийнахь веанера иза со волчу хьошалгIа", - яздина мехкан куьйгалхочо шен Телеграм-каналехь. Цо билгалдаьккхина, цуьнца цхьанакхета "Ахмат" клубан тоьлла латархой а кхайкхинера ша аьлла.
"Шахьаран мэро Закриев ИбрехIима Хьабибна "Соьлжа-ГIалин сий долу вахархо" аьллачу цIарца совгIат дар дIакхайкхийра. Сан омраца цуьнан дена, Нурмагомедов Iабдулманапна "Нохчийчоьнан спортан хьакъволу белхахо" аьлла сийлахь цIе елла", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.
Ишта Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо совгIатна автомобил а елла UFC-н чемпионна Нурмагомедов Хьабибна.