Магасехь митингехь латтачу нахаца маслаIат лахар тIедожийна Путина Евкуровна
Цуьнца цхьаьна "цигахь адамаш латтаро хIумма а хуьйцур дац, хийца йиш а яц", "низамаш хIинцале а болх бан дуьйладеллан дела" аьлла ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, Путина ша тоьхна хилла цуьнга телефон. Оьрсийчоьнан президенто хаьттина "лаьтташ долу хьал муха ду а, хIун дича адамаш майданашкара дIадахалур ду а, оьшуш накъосталла дуй а".