Хьабиб вуьсуш ву UFC-хь, Тухуговх хIун хир ду цкъачунна хууш дац - Уайт
"Тхан дерриг а дика ду. Тхан а Хьабибан а дика юкъаметтигаш ю. Суна ца хаьа цуьнан рогIера дуьхьалонча мила хир ву, оха цунах лаьцна хIинца а дийцина дац. Витий вай и кIант ша баьккхинчу толамах марзо эца, цул тIаьхьа къастор ду вай и хаттар", - аьлла Уайта.
"Хьабиб вуьсуш ву UFC-хь. ХIун хир ду Тухуговх? Суна иза цкъачунна ца хаьа", - даладо UFC президентан дешнаш tmz сайто.