Митинган векалшца кхеташо дIаяхьа дагахь ву Евкуров
![Митинган векалшца кхеташо дIаяхьа дагахь ву Евкуров](https://gdb.rferl.org/F7D77C00-2C78-4851-986E-51CE50924B9F_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Нохчийчоьнца доза къасторан комиссин декъашхошца кхеташо дIахьура ю Магасехь. Цига кхайкхина бу митингехь лаьтташ болчу нехан векалш.
Цунах лаьцна хаам бина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан сайта тIехь. Кхеташо хир ю кхаарин дийнахь (ГIадужу-беттан 17-гIа де).
Республикан юкъараллин векалшца цу хьокъехь барт бина шинарин дийнахь, Оьрсийчоьнан президентан векало Матовников Александра а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин векло Ярин Андрейс а дакъа а лоцуш. Кхеташоне кхайкхина ву 8 стаг.