Мейвезер боксах лата кийча ву Нурмагомедовца
Нурмагомедов Хьабибца лата кийча ву ша, нагахь иза боксан низамашца тасавала реза хилахь, аьлла дIахьедар дина Iамеркерчу боксеро Мейвезер Флойда, TMZ таблоидна ша еллачу интервьюхь.
Мейвезера билгалдаккхарехь, цуьнан Iалашо ю 2017-чу шарахь Макгрегорца леттачул тIаьхьа даьккхинчу ахчанал сов 100 миллион доллар даккха. Цул сов, Оьрсийчуьрчу латархочуьнан профессионалан санна лела дезар ду рингехь а, рингехь воцуш а, боху цо.
Нурмагомедовс Мейвезер лата кхайкхира кху беттан 14-чу дийнахь. И дIахьедар тIехь долу видео Instagram-хь арахецнера боксан менеджеро Блэйк Деджуана.
Нурмагомедовс дагадаийтира шен 27, ткъа Iамеркахочуьнанан 50 толам хилар. Амма цуьнца цхьана и шиъ цкъа а цхьаммо а ца эшийна.