Кхин цхьа стаг дохковаьлла Магасерчу митингехь ша Кадыровна лерна
Нохчаша лелош йолу харцонаш юьйцуш цо гуттар кIоршаме аьшнаш винарг вара Кадыров Рамзан. Оьзда доцу дешнашца мах хадийнера цу стага Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан.
Ткъа хIинца кхин видео яьржина интернетехь, иза коьрта турпалхо а волуш. Иза ю "Грозный" телекомпанино гайтина сюжет. Цу тIехь Кадыровга шена къинтIера валар доьху Яндиевс. ГIалгIайн жигархочо ларамаза даьллера, боху шегара ша дийцинарг. Цул сов, нохчийн къоме а доьху цу стага шена кънтIера далар, ша бух боцу, шегахь товш доцу къамелаш дарна.

