Юучух дIавш даьлла 49 стаг дарбан цIийне валийна ХIинжа-ГIалахь
![Юучух дIавш даьлла 49 стаг дарбан цIийне валийна ХIинжа-ГIалахь](https://gdb.rferl.org/92205902-4BB0-4527-B25A-123C9104D443_cx18_cy5_cw81_w800_h450.jpg)
Чуьйрашца лазаршца шайлахь 10 бер а долуш, 49 стаг валийна ХIинжа -гIаларчу дарбан цIийне. ДIавш даьлла хилла царна "Терем" кафечохь йиинчу котамах. Республикерчу могушаллин министраллан хаамашца, 47 стаг дарбан хIусамехь охьавиллина.
Ханна кафе дIа а къевлина, цу чуьра 17 стаг балхах а ваьккхина, талламаш болийна.