Нохчийн тутмакхо шена дина луьра таIзар малдар дехна
Цуьнан гIуллакхан материалашкахь яздарехь, 1996-чу шарахь Нохчийчохь йийсаре лаьцна виъ оьрсийн салти вийна цо, видео а йоккхуш. Ишта иза бехкевина кхелахоша тобанашца динчу кхидолчу даккхийчу зуламашна а. Оренбургерчу Соль-Илецкан суьдхошка дехна цо, шен дов юха хаттар. Кхело дехар тIе ца дитина.