Нохчийчохь кхо АЗС дIакъевлина
ТIехьа-Мартанахь ягорг юттийла (АЗС) иккхинчул тIаьхьа болийначу талламашкахь ханна болх сацийна кхаа АЗС-н. Адамашна кхерам болуш дацара шайн балха тIехь карийна кхачамбацарш аьлла, хаамбина "Кавказан узел" агенталле станцийн белхахоша.
Зорбанашкахь дийцира, ГихтIехь байначу беттан 26-чохь цIе а яьлла, эккхарх ягорг юттийла. Цул тIаьхьа йоллу Нохчийчохь талла йолийнера АЗС-ш. Шелковск кIоштара кхаа станцин болх сацийна, цигахь цIеяларан кхерам латтарна аьлла агенталле пркуратуран белхахочо.
"Доккхачу декъанна, АЗС-н белхахойн квалификацин тоьшаллин цхьа а документ дацара, я индустрин сферан кхерамзаллин аттестацех чекхбевлла аьлла, кехаташ а дацара. Газ йоттар а оьшу лицензи а йоцуш дара" аьлла, дIахьедина АЗС-на тIехь терго латточу хьукматаша.