Индонезин Lion Air компанин кема чудоьжна
![Индонезин Lion Air компанин кема чудоьжна](https://gdb.rferl.org/D97C7E0F-2CAA-4E7A-9568-2BCC4FD29BE3_w800_h450.jpg)
Панкалкинанг гIала доьду Индонезин Lion Air компанин некъахойн кема чудоьжна Джакартера гIаьттина дукха хан ялале. Цунах лаьцна хаам бина Рейтерс агенталло.
Boeing 737 MAX 8 хIордана чудоьжна тIемадаьлла 13 минот яьлча. Цу тIехь хилла 180 некъахо. Дийна висина стаг вац.