Нохчийчоьнна лур ю 24 керла лоьрийн машен
ХIора шарахь луш йолучарна тIе 24 сиххалица лоьрийн гIо кхачоран машен лур ю Нохчийчоьнна. Оьрсийчоьнан министрийн кабинето регионашна 5 миллиард сом ахча делла уьш эца.
Цу хьокъехь долу премьер-министро Медведев Дмитрийн тIе куьг тIехь долу документ зорбане даьлла Iедалан официалан сайта тIехь.
Цуьнца а догIуш, керла лоьрийн машенаш эца а, школан автобусаш эца а хьажийна ду 2-ша миллиард ах-ах миллиард сом.