Нохчийчохь хан кхайкхийна миллион сом лачкъийначу пансионатан куьйгалхочунна
Нохчийчуьрчу тIеман а, къинхьегаман а ветеранийн пансионатан директорна кхел йина цхьа миллион сов сом лачкъорна. Талламхойн версица, шен стунненан петар пансинатан хьашьашна лело эцна хилла цо, 1 миллион 68 эзар сом а делла. Амма цунах цкъа а пайда ца эцна.
Талламан гIуллакх долийча директор балхара дIаваьккхина, ткъа Iедалан ахча лачкъорна кхело 2 шо ах шо хан тоьхна цунна арахь яккха.