Нохчийчоьнца дозанан низам юхадаккха дагахь ю ГIалгIайчоьнан парламент
Цунна хетарехь, меттигерчу конституцин кхело и низам харц ларарна тIаьххье дан дезарг ду иза юхадаккхар.
Шинарин сарахь Нохчийчоьнца доза къастош парламенто тIеэцна низам харц лерира цу республикан конституцин кхело, цу хаттарехула референдум яр тIе а дожош.
Конституцин суьде Латкъам бинарг вара гIалгIайн Халкъан гуламан 12 декъашхо а, ши вахархо а. Амма шинарин Iуьйранна хаам баьржира, царах шина депутато а ("Коммерсанто" бинчу хаамца, и шиъ ву Белхороев Яхъя а, Толдиев Амирхан а) шина вахархочо а дехар дина шайн цIерш латкъам биначарна юкъара дIаяхахьара аьлла.
ГIалгIайн парламентехь чIагIдо, цу гIуллакхо Конституцин кхеле кховдийна латкъам бух боцуш хуьлуьйту, республикан низамашца а догIуш, иза дан лаххара II депутат оьшуш волун дела бохуш.