Дагестанехь велла "оьрсийн рулеткех" левзина полисхо
Хьалхо цу портало хаам бина ма хиллара, полисхо "оьрсийн рулеткех" ловзуш хилла кху беттан 25-чохь кафехь шен накъосташца садоIуш Iаш. Тапчана ботт яьсса ю моьттуш хиллачух тера ду иза.
Чов хилла волу Гитинов дIакхачийнера Хасавюьртарчу гIалин дарбанан хIусамерчу реанимацин декъе. Гергарчеран дехарца иза латтош вара садоIуьйтучу аппаратана тIетесна.