Дагестанехь велла "оьрсийн рулетках" левзина полисхо
Дагестанехь дарбанан хIусамехь велла ша-шена коьртах тапча тоьхна еза чов хилла полисхо Гитинов СаьIид. Цунах лаьцна хаам бо Кавказ.Реалиино, меттигерчу могушаллан министраллана тIе а тевжаш.
Хьалхо цу портало хаам бина ма хиллара, полисхо "оьрсийн рулетках" ловзуш хилла кху беттан 25-чохь кафехь шен накъосташца садоIуш Iаш. Тапчана ботт яьсса ю моьттуш хиллачух тера ду иза.
Чов хилла волу Гитинов дIакхачийнера Хасавюьртарчу гIалин дарбанан хIусамерчу реанимацин декъе. Гергарчеран дехарца иза латтош вара садоIуьйтучу аппаратана тIетесна.