ГIалгIайчоьнан дозанца инфраструктура кхолла омра дина Кадыровс
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана омра делла ГIалгIайчоьнца дозанца йолчу меттигашкахь шуьйра инфраструктура кхоллар дIадоладе аьлла. Цигахь туристийн маршруташ кхолла дагахь ву Кадыров.
Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза билгалдаккхарх лаьцна барт бинера цу шина республикан куьйгалхоша Гезгмашин-беттан 26-чохь. ТIаьхьо иза тIечIагIбира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа. И низам болх бан доладелира ГIадужу-беттан 16-чохь.
Инфраструктура кхиош а, малхбузера территореш оьшучу хьоле ялош а Iуналла дар т1едожийна Кадыровс парламентан спикерна Даудов Мохьмадна а, хьалхарчу вице-премьерна Тумхаджиев Iийсана а.
Нохчийчоьнан малхбузехь Iуьллуш ю ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а кIоштанаш.