Кадыровна болх карийна тIех сов берстинчу "гаишникашна"
Цхьа вариант санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, уьш дIахIитто мегар дара цIерпоштнекъах дехьаволийлашкахь шлагбаумийн метта я некъа йистошкахь урамийн цIерш тIехь йолу гIуркхаш а карахь. Кадыровна хетарехь, цу гIуллакхо пайда бохьур бара тIех шайна берстинчу некъан полисхошна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, эхь ду Соьлж-ГIалин урамашкахь цу тайпа хатI долу ГИБДД-н белхахой латтар. Иза мегар долуш хIума дац, боху цо.