Оьрсийчохь дазлур ду молханаш
![Оьрсийчохь дазлур ду молханаш](https://gdb.rferl.org/4B37C027-6036-4B49-9B4F-847B4D74A870_w800_h450.jpg)
Оьрсийчохь 10 процентана даздала мегаш ду молханаш 2019-чу шарахь. Цунах лаьцна яздо "Известия" газето, Аптекийн гилди олучу юкъараллана тIе а тевжаш. Изза аьлла хеташ бу эксперташ а, молханаш духкучу компанийн векалш а.
Говзанчаш дийцарехь, валюта даздалар бахьана долуш хила мегаш ду махкал арахьара чудохьу молханаш даздалар. Цул сов, 2019-чу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь дуьйна хьалайоккхуш ю НДС (суртасатан тIетоьхначу механа налог) – 18 процентана тIера 20 процентана тIе кхаччалц.