Iамеркан 6 флотан коьртачу тIеман хIордан кеманна тIехула даьлла Ту-142
![Iамеркан 6 флотан коьртачу тIеман хIордан кеманна тIехула даьлла Ту-142](https://gdb.rferl.org/2FA09B33-A4D1-4B9F-8A78-994B47609AC9_cx0_cy8_cw90_w800_h450.jpg)
Норвегина гергахь тIеман Iамораш дIахьош йолчу Iамеркан 6-чу флотан коьрта хьаькам тӀехь волчу (флагман) «Маунт Уитни» хIордакеманан хIодхоша шайн суртдаьккхина тIехула долуш Оьрсийчоьнан Ту-142 хIаваан тIеман кема а долуш.
Оьрсийчоьнан хадаран а, талламан а кема кху тIаьхьарчу 30 шарахь дуьххьара дахана Iамеркан буьйранчаллан хIордакеманна оццул улле.
И инцидент хилла Лахьан-беттан 2-чохь, амма цунах лаьцна хиъна шолгIачу дийнахь.
Оьрсийчоьно шена ца товш хилар хайитина НАТО-но хIода чохь дIахьош йолу маневраш. Царна жоп луш ракеташ хоьцуш тIеман Iамораш дIадахьа йоллу ша аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьно, цу регионехь лелаш долу некъан кеманаш цу хьокъехь варе а деш.