ГIалгIайн телевизионан белхахо Чахкиев Руслан кхелхина некъан бохамехь
Ши машен вовшахкхетта хилла некъа тIехь. Машенийн шофераш ГIалгIайчуьрчу клиникан дарбан цIийне кхачийнера, дуьйцу орцан министралло шайн сайтехь.
"Болчу хаамашца, ший а машенлелорхо велла. Шиннах цхьаъ республикехь вевзаш волу къоман телевизионан белхахо Чахкиев Руслан ву", аьлла, яздо хаамийн гIирсашкахь.
Чахкиев кхалхарх хаам Iорабаьккхина тахана Iуьйранна "ВКонтактерчу" шен агIонехь "Сунжа" ансамблан куьйгалхочо Гулиев Iумара а.