Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Шаьш бертаза митинге хьовсорах дийцина Соьлжа-ГIалин бахархоша

Нохчийчуьрчу пачхьалкхан белхахоша а, студенташа а дийцина, шаьш халкъан цхьааллин де даздан кIирандийнахь нуьцкъах митинге хьовсорах. Шаьш 20 эзар стаг хуьлуьйтур ву митингехь аьлла, дIакхайкхийнера шахьаран мэрехь.


"Iуьйранна Соьлжа-ГIалин юккъехь гулдалар тIедожийнера куьйгалло. Тхоьга схьахаийтира, митинге веанарг а, ца веанарг а хьаькаман тергонехь хир ву аьлла", дийцина "Кавказан узел" агенталле Соьлжа-ГIаларчу бюджетан организацин белхахочо Ислама.


Махкарчу цхьахйолчу машенийн урхаллан куьйгалхочун гIовса а чIагIдира, лакхарчу хьаькамаша митингехь нах хилийта аьлла, шайна тIедожорах.


"ХIора организацина, дешаран урхаллана тIедиллинера оццул-хIоккхул нах балабе акци аьлла. Цундела хьалхе тхайн белхахошка дIахьединера оха кIиран Iуьйранна 10 сахьт долучу заманчохь гIалин юккъехь вовшахкхета аьлла", - дийцина цо. Ишта декхаребина хилла митинге бахка лакхарчу доьшийлашкара студенташ а. Ца вогIуш чохь виссинарг экзаменаш дIаяла тIевуьтур вац аьлла, кхерамаш тийсина хиллера царна.


Республикерчу профсоюзийн Федерацино вовшахтоьхнера митинг халкъан цхьааллин денна лерина. Гулбеллачара Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а гимнаш элира, иштта ладуьйгIира филармонин артистийн концерте а.


Карладоккху, дахначу шарахь 50 эзар стаг вара митингехь дакъалоцуш аьлла, дIакхайкхира нохчийн Iедалхоша.


Болчу хаамашца, кху шарахь 60 эзар гергга вошахкхетта хилла.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *