Москох бертан дийцаршка бахка дагахь бу тIалибаш
Кремло вовшахтоьхначу дийцаршка баха дуьхьало йира ОвхIанистанан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а Iедалхоша. Оьрсийчоьнан урхалло 12 пачхьалкх а, ОвхIанистанехь шариIат дIахIотто гIертачу "Талибан" тобан векалш а кхайкхина цхьанакхета. Дийцаршкахь дакъалаца реза хилла ГIажарийчоь а, Китай а, Пакистан а, Таджикистан а, Узбекистан а, Туркменистан а.
Хьалхо Iамерко бехкейора Оьрсийчоь тIалибашна тIеман гIирс латторна. 2003-чу шарахь ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташоно а, цул тIаьхьа оьрсийн Лакхарчу кхело а "Талибан" тоба террорхойн организаци лерира.