Le Monde: Шемарчу къайлахчу сервисийн хьаькамаш лаца кхайкхийна Францино
2016-чу шарахь Францехь тховкIело ехначу Шемара схьаваьллачу вахархочо чуелла иск бахьана долуш болийна талламаш.
2013-чу шарахь Шемахь шен гергара ши адам тIепаза дар таллар тIедиллинера цо. Шеман къайлахчу сервисаша лаьцна вара и шиъ бохуш, чIагIдора цо иск тIехь. Le Monde хьостан хаамашца, 2018-чу шарахь Шеман Iедалша и шиъ даге лазар деана велла аьлла, тIечIагIдира.
Димаьшкъа бехкейо Парижо и шиъ бертаза дIа а вигина, верна.