Делимхановн хадархой набахтех хьалхабевли 50 эзар сом гIуда а токхуш
Талламан версица а догIуш, 2016-чу шарахь чоьхьарчу гIулакхийн министраллан полковнико Ахмаев СаьIида а, Нацгвардин лакхарчу лейтенанто Болатбаев Лечас а, церан кхаа накъоста -декъахоша вежарша БулгучевгIара Мовлада а, Ахьмада а, Катков Евгенийс а
Бераш лечкъор ду шун, дойур ду шу бохуш, кхерамаш а туьйсуш ахчанаш дохуш хилла бизнесхочуьнгара Жуков Константинера. Болатбаев а, Ахмаев а дIалаьцначул а тIаьхьа, цушингахь карийнера тапчанаш, автомат, патарамаш а, уьрсаш а, кастеташ а, иттанашкахь ницкъаллийн а, Талламан комитетан а белхахойн документаш а.
Ишта цаьргахь хиллера, хIетахь кхело листа а доладале, Немцов Борис верах материалийн копеш а. Зуламаш лелочу муьрехь Ахмаев а, Болтабаев а Делимхановн хадархой хиллера.
Цхьаболчу хаамашца, Кадыров Рамзанан гергара а хилла уьш. Зуламаш лелийна "Президент-Отель" хьешан цIа Кадыровн официале а йоцуш штаб-квартира лоруш ю. "Новая газетано" хаамбарца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Москохарчу кхелахочун Егорова Ольгин а, инарла прокуроран Чайка Юрийн а цIарах кехаташ кхехьийтира, Ахмаев а, Болатбаев а маьрша ваккхарехь гIо доьхуш.
Талламан изоляторчохь ши шо даьккхира Делимхановн шина хадархочо. Байначу бетан 1-чу дийнахь чохь латтон хан чекхъелира цушиннан, ткъа прокуратурано кхи дIа ях ца йира. Иштта, тIаьхьо кхеле вар тIе а диллина, арахецнера и шиъ.
Эххар а шинаридийнахь дIакъевли цу шинна дуьхьал даьккхина хилла бехкзуламан гIуллакх.