Малгобекан мэро дарж охьадиллина
Дийцарехь, регионерчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комитетан хилла куьйгалхо Эгиев Сулиман хIоттош ву цуьнан метта.
Малгобекан хиллачу мэран бехк тIечIагIбахь итт шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу цунна.
ГIалин куьйгалхочо дарж дитарх а, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхарх а официалехь дIакхайкхийна дац.
Администрацехь белхахошца кхеташо Мамиловн гIовса Кориговс дIаяьхьна аьлла яздо хаамашкахь.

