Минех латтанаш цIандеш ду Нохчийчохь. ГIалгIайчохь белхаш совцийна
"Ло доцуш, денош довха латтарна бутт чекхбаллалц Нохчийчуьра лаьмнийн, хьаннийн территореш минех цIанъян дагахь ду тхо", - аьлла Астафьевс.
Цо бахарехь, дахначу шеран бIаьста дуьйна эскаран сапераша шина а республикехь минех цIандина 1,7 эзар гектар латтанаш. Лаьтта бухара яьккхина 5, 7 эзар лелхарна кхераме хIуманаш. Инженерийн дакъошкара 400 эскархо а, 40 тIеман а, лерина а техника а тIеоьзнера минаш дIаяха.

