ДаIишхоша байина лаьттах боьхкина нах карийна Иракъехь
Хьалхо даIишхоша шайн долахь латтийначу пачхьалкхан кIошташкахь лаьттах боьхкина хилла и нах. Масех эзарнашкахь байина нах бу буьйцурш, амма билггал маса стаг ву ала хала ду, аьлла ООН-ан Иракъерчу векало Кубиш Яна. Беллачийн чалхийн талламаш беш, белхаш болийна говзанчаша. ЦIераш евзинчул тIаьхьа дIалур ду церан декъий гергарчаьрга.
2014-чу шарера 2017-чу шеран чакхене кхаччалц "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхоша Иракъан территорин доккхахдолу дакъа дIадерзийнера шайга.
Стохка ГIуран-баттахь шаьш жихIадхошна тIехь толам баккхарх дIакхайкхийра БагIдадо.