ТIеман гIуллакх дечарна доьхкуш ду интернетехь шайх лаьцна хаамаш баржор
![ТIеман гIуллакх дечарна доьхкуш ду интернетехь шайх лаьцна хаамаш баржор](https://gdb.rferl.org/3DF5034C-6391-4278-A9D3-5AAFFDCB1A45_w800_h450.jpg)
ТIеман гIуллакх дечарна интернетехь шех, я шен накъостех лаьцна информаци яржор доьхкуш низаман проект тIеэцна пачхьалкхан Думано еаридийнахь. Ишта царна могуьйтур дац фото, видеоматериалаш, шен геолокаци, я кхийолу информаци яржон а аьлла, дийцина Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовса Панков Николайс.
Эскархойн хIусамнананойх хьакхалуш бац и бехкам аьлла цо. ТIеман гIуллакх дийраш интересе бу цхьаццайолчу пачхьалкхашкарчу къайлахчу сервисашна а, террорхойн а, экстремистийн а организацешна цхьана аьлла, кхетийна Панковс.
Низам ца лардинчунна дуьхьал Оьрсийчоьнан эскарийн уставца а догIуш, жоьпалла тIедожор ду аьлла тIеман министраллан векало.