Лачкъийна машен юьгуш вахархо дIалаьцна полисхоша
![Лачкъийна машен юьгуш вахархо дIалаьцна полисхоша](https://gdb.rferl.org/2532D270-37DA-4A66-9A5B-B6945D09491F_cx0_cy6_cw0_w800_h450.jpg)
Шела кIоштахь куп тоьхначу полисхоша сацийна лачкъийна машен юьгуш воьду 48 шо долу стаг. Таллам бинчул тIаьхьа гучудаьлла, и машен кху шеран Гезгамашин-баттахь Тулехь лачкъийна йигина аьлла, федералан лехамашкахь хилар. Кхи дIа гIуллакх листа автомобил а, ша машенлелорхо а, цунна гонах гулйина материал а Соьлжа-ГIаларчу Грозненск кIоштан полисхойн декъе дIакхачийна кхи дIа процессуалан сацамаш байтархьама.