ГIалгIайчохь лачкъийна хиллачу вахархочо гIо дехна бакъонашларъярхошка
ГIалгIайчоьнан вахархочо Льянов Рустама дехар дина бакъонашларъярхошка, ша нуцкъала дIавигина хилла низамаш лардон органийн белхахой лохуш гIо дахьара аьлла. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.
Льянов лаьцнера хиллера кху беттан 11-чохь, полисхой ду шаьш аьлла тIебаьхкинчу герзаца хиллачу наха. Цара дIавигинера и стаг Белгехь вехачу цуьнан девешега Европерчу гIалгIайн цхьаьнакхетараллан куьйгалхочуьнга Льянов ИбраьхIиме видеокхайкхам байта аьлла.
ГIалгIайн юкъараллан жигархочо Абадиев Мусас Фейсбукехь яздарехь, Льянов Рустаме дехар дайтина девешега, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекана критика яр сацаде аьлла.