Нохчийн пенсионерашна болх каро массарначул а хала ду
Болх каро массарначул хала ду Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Тува-махкарчу а пенсиэцархошна. Иштта гойту ша Оьрсийчохь бинчу талламан жамI РИА Новости агенталло.
Пенсиэцархошна болх атта карорца билгалйолу Москох а (рейтинг - 76,8), цунна гонахара кIошташ а (64,4). Мелла а атта ду пенсиэцархошна болх каро ГIезалойчохь, Белгородан, Ленинградан, Калугин кIошташкахь а, ГIирмехь а.
Индексца аьлча, 9,3 балл кхочу Нохчийчуьрчу рейтингна.