Австрерчу юристна тешийна OSCE-но Нохчийчуьра аьрзнаш талла
"Москох кхоьллинчу механизмехь" таллам дIабахьа деношкахь сацамбира 16 пачхьалкхо. Нохчийчохь юристаша лохур бу нах байарх, лецарх, хьийзорах лаьцна цигара даьржачу аьрзнийн бух.
"Мохкох кхоьллинчу механизмца" 6-зза таллам дIабаьхьна Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно. Царех цхьа таллам айбинарг яра 1999-чу шарахь Оьрсийчоь – Атлантикан альянсо Югославехь дIаяьхьначу тIеман операцин ларш теллира оцу механизмца.
Нохчийчу талламбан дуьненаюкъара тоба хьажор Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно "Оьрсийчоьнна дуьхьал гIаттийна кампани чIагIъярхьама, Миланехь тIебогIучу баттахь арахьарчу гIуллакхийн министраш гуллуш хилар юьхьар а оьцуш, "бух боцуш" ен демарш ю, аьлла Кремлан дипломатин хьукмато.