Китайга гечдар доьху Dolce & Gabbana-с
![Китайга гечдар доьху Dolce & Gabbana-с](https://gdb.rferl.org/40E4DF87-BAF6-4748-94D9-5A84D22F23CE_w800_h450.jpg)
Китайга а, дуьне мел ду баьржинчу китайхошка а шайна къинтIера довлар доьхуш, видеокхайкхам баржийна италхойн модельераша Дольче Доменикос а, Габбана Стефано а. Китайн модел гIожмашца, ка а ца йолуш италхойн даар дууш реклама арахецначул тIаьхьа расизм къадийна цара аьлла, бехкединера доллу модан цIа а.
Скандал гIаьттинчул тIаьхьа Dolce & Gabbana олучу брендан хIуманаш туьканашка юхакхехьнера, ткъа Гонконгерчу яккхийчу туьканийн долахочо дихкира церан бедарш йохкар.