Францехь митингаш марсаевлла
![Францехь митингаш марсаевлла](https://gdb.rferl.org/32706EB5-7026-4811-AC3C-3E4F87CCBADF_w800_h450.jpg)
Дизелан ягорган мах хьалабаккхарна дуьхьал бевллачу Францин бахархоша митинг дIахьош ю шоьтадийнахь а Парижехь. Демонстрацехь 30 эзар стаг хила тарло бохуш, яздо хаамашкахь. ГIали чохь къепе йохорна кхоьруш 3 эзар гергга полисхо ву араваьккхина.
КIира сов зама ю Францин урамашкахь можа жилеташ йоьхначу бахархоша автострадаш, ягорг ютту меттигаш а дIакъуьйлу.
Дахначу кIиранах йоллу пачхьалкхехь дIаяьхьначу акцехь дакъалецира 300 эзар стага. Машенашлелорхой боцурш а, дуккха а тIаьххьарчу хенахь рейтинг охьаяьллачу президентан Макрон Эммануэлан политикана резабоцурш а бевллера митинге.
Цхьайолчу меттигашкахь полисхошца чуччабахар бахьана долуш мел лаххара а 600 стаг дIалаьцнера. Оцу протесташкахь ши стаг велира.
Анжер гIалахь шоьтадийнахь лецира карахь граната а йолуш, акцин протестхошца Макронан цхьанакхетар хилийтар тIедожийна цхьа стаг.