Бехк боцуш ша лаьцна латторна компенсаци тIейожийна нохчочо Полшана
![Бехк боцуш ша лаьцна латторна компенсаци тIейожийна нохчочо Полшана](https://gdb.rferl.org/CEAFC342-7694-4F1E-BFED-7E8658A0CDD1_cx0_cy2_cw0_w800_h450.jpg)
Терроризмна юьхьанца бехке а вина, тIаьхьа бехказа ваьккхинчу нохчочо 360 эзар евро компенсаци йоьху Полшин Iедашкара, хаамбо "Радио Полша" хьостано.
Иза а, кхи цхьа кхо нохчо а бехкевира Полшано вовшахтоьхначу террорхойн ораганизацехь Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна ахчанаш гулдеш хилла аьлла. Бехкебечара а, церан адвокаташа а царна тIехь уьш бакъхиларан кхел яр дийхира.
Шаьш вовшахдетташ хилла ахчанаш Нохчийчоьнан суверенитетехьа къийсам латточарна гулдеш дара аьлла, дийцнера цара. Стохка гурахь кхело бехк тIе а чIагIбина, шишша шераш тоьхнера царех кхаанна набахтехь даккха. Ткъа воьалгIаниг бехказа ваьккхира.
Бехк къастош, ши шо гергга хан шега эрна изолятор чохь даккхийтрана компенсаци тIейожийна цо Iедална.