Белхан къоьлла хиларца шолгIачу меттехь ю Нохчийчо
![Белхан къоьлла хиларца шолгIачу меттехь ю Нохчийчо](https://gdb.rferl.org/3E4576C9-3C73-4CF8-A0D1-5F78D1283A70_cx0_cy8_cw0_w800_h450.jpg)
Росстат олучу Оьрсийчоьнан урхалло бинчу хаамца, пачхьалкхехь алсамдаьлла болх боцучу нехан терахь, хаам бо "Российская газета". Цуьнца а догIуш, карарчу хенахь бан болх боцуш бу Оьрсийчохь 4,7 процент къахьегалучу бахархойх. Гезгмашин-баттахь и терахь дара 4,5 процент.
Росстато хIоттийначу таблицо гайтарехь, уггаре кIезиг нах бу бан болх боцуш Москох - 1,2 процент. ШолгIачу меттехь ю Петарбух – 1,5 процент.
Болх каро уггаре хала ду ГIалгIайчохь. Цигахь къахьегалучу нахах бан болх боцуш бу 26,3 процент бахархой. ШолгIачу меттехь ю Нохчийчоь - 13,5 процент. Дагестанехь и терахь ду - 10,6 процент.
Росстато шен таллам бина 15-72 шо долчу нахе, х1оранге а балхахь вуй хьо, вацахь, реза вуй хьо хIинцца болх бан волавала аьлла, хаттар а луш.