Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца реза ца хилла Гагиев
![Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалаца реза ца хилла Гагиев](https://gdb.rferl.org/312E9EB5-BA04-4224-BD99-52C11DAD2AA2_w800_h450.jpg)
ГIалгIайчоьнан Конституцин кхелан куьйгалхо Гагиев Аюп реза ца хилла Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт бийцаре беш Оьрсийчоьнан Конституцин кхелан кхеташонехь дакъалацала.
Цунах лаьцна цо хаам бина цу кхелан гIанден когаметте Маврин Сергейга яздинчу кехтат тIехь. Гагиевс чIагIдарехь, цо куьйгалла дечу кхело ГIадужу-беттан 30-чохь тIеэцна сацам кхочуш бан декхарелахь ю еррриг а Iедалан органаш, иза хийца бакъо яц цхьана а кхечу кхелан.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа дозанах лаьцна тIеэцна низам талла дагахь ю Оьрсийчоьнан Конституцин кхел шинарин дийнахь, Лахьанан-беттан 27-чохь.
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бекана хьалхо дIахьединера, Нохчийчоьнца бинчу бертаца доьзна хаттар нийсонца хилар къасто деза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело аьлла.