Доларчу берийн бешан куьйгалхочунна кхел йийр ю Нохчийчохь
Талламхойн материалашца а догIуш, 2 шо кхачаза долу бер эцна хилла ГIойтIахь йолчу цу берийн беша. Дийнахь бераш дIадийшинчу хенахь маьнгин гIовлан, шина пӀендагӀана юкъахь корта а бисина, садукъаделла делла бер.
Талламхоша директоран бехк хилар гойтуш шаьш гулйина материалаш дIахьажийна кхеле.