Украинин депутат: Осмаев вен гIоьртина стаг бехказваккха мегаш ву
Мосийчука дийцарехь, Денисултанов (Курмакаев) бехках хьалха валийта мегаш ву Украинерчу кхело. Цу Iалашонна "делла дуккха а ахча ду" аьлла хета цунна. Карарчу хенахь оьшуш болу болх беш Кадыров Рамзанан нах бу, чIагIдо Мосийчука.