Нохчийчоьнан вахархочо мукIарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх
Нохчийчоьнан Гуьмсерчу вахархочунна Солтамурадов Шамилна дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх листа долийна Ростох Къилбаседа Кавказерчу тIеман гонан кхелехь. Иза бехке веш ву Шемахь терроран тобанан декъашхо хилла хиларна а, терроран тIелатарш дан Iемаш дешна хиларна а.
"Кавказский узел" сайтан корреспонденто бинчу хаамца, Солтамурадовс мукIарло дина ша Шемахь тIом бина хиларх, амма цо тIе ца дитина ша цигахь терроран тIелатарш дан Iемаш дешна бохург.
Нагахь кхело и стаг бехке ларахь иза чуволла мегаш ву, 20 шаре кхаччалц хан а тоьхна.
Кхелан рогIера кхеташо хир ю ГIуран-беттан 4-чу дийнахь.