Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"Нана яла сан, ас эрна яйина хан"

Шен 62 шерах 33 набахтешкахь текхна Ганне Анатолийс.

Набахтехь яьккхинчу хеначохь къуйн кхетамца ваьхна иза - доьзал а, хIусам а хила оьшуш а дац бохуш. Ткъа хIинца "пенсехь" ву иза: Москохарчу Терехово олучу эвлахь ваха охьахиъна иза. Къона зуда а ю цуьнан, репресси йинчу немцойх схьаваьллачу шен ден безамна Курт аьлла, цуьнан цIе тиллина, кIант а ву Анатолийн. Ша реза воллу дахар доладелла шен боху цо хIинца, амма Москохара Iедалш цуьнгара латта схьадаккха гIерта, ткъа Анатолий низамашца дуьхьал лаьтта царна.

Маршо Радион оьрсийн сервисо документалан кино яккха ойланца дIаязйинчу Ганне Анатолийн монолог юкъара дакъош ду лахахь далийна.

Хала мIаьрго

- Репресси йинчу доьзалера ву со, цIера Магаданера. Тифлисерчу ЧК-ца хилла ву цхьана хенахь сан деда. Хетарехь дукха нехан кхолламаш хIаллакбина цо, цундела тIаьхьа адвокат хIоьттина иза Бердянскехь. Роберт яра сан деден цIе, немцойн къомах вара иза. ТIом боьдучу заманчохь мотт тоьхна дIалаьцна хиллера иза, къоман мостагI ву аьлла. 1942-чу шарахь немцойн шпион ву аьлла, бехке а вина, тоьпаш туьйхира цунна.

Сан денанас 8 шо набахтехь даьккхина, къоман мостагIчун зудчо санна. Цу хенахь 14 шо дара сан ден, цо а хан текхна чувоьллинчохь.

Магаданехь девзинера сан да а, нана а. Циггахь дуьненчу ваьлла со а. Сан дена, Курт Робертовична немцойн мотт хаьара, суна тентигна ца хаьа. Ши ваша хилла сан ден. Эрнст цIе ерг да-нана доцу бераш латточу хIусаме дIавеллера, ткъа шолгIа Анатолий корейхойн цхьана доьзало шайна дIавигинера. Хан Анатолий ю цуьнан цIе хIинца.

Со дуьненчу ваьллачул тIаьхьа реабилитаци йира сан дена а, денанна а. 1962-гIа шо карадаллалц немцошна бакъо ца лора дIасабаха. Карахь ши бер а долуш, ца яьллачу денна сан нана тхан дех дIа а къаьстина, Москох юхайирзира. Цигахь йина а, кхиъна а яра иза. Кхи дIа долу дахар Москоха дIадахара сан а. 1970 шарахь Москох схьайиллина самбон школе оьхура со. ЧIогIа дукхаезара суна самбо. Сан 16 шо долчу хенахь Японерчу Кодока гIала дзюдон школе Iаморашка ваха везаш вара со. Ца вахара со цига. Цхьана школехь соьца доьшуш хилла Третьякова Саша езаелла вара со хIетахь. Иза бахьана долуш ца воьдуш сецира со.

ХIинца мел чIогIа дохковуьйлу со. Сан дахарехь уггар а хала мIаьрго яра иза. ХIетахь со цига вахана хиллехь, сан дахар кхечу агIор нисдала тарлора.

Дуьххьара

- Сан 17 шо долчу заманчохь чувоьллира со дуьххьара. Цхьа ледара хIума дар-кх соьгара даьлларг. Цхьана йоьIан нанас чуволлийтира со. Йоллу кIоштахь а цIеяххана яра цуьнан йоI. Ас иза хьийзина аьлла, цуьнан нанас арздинера. Ма дарра аьлча, шиннан а лаамца хилла хIума даара иза. ХIетахь 8 шо набахтехь а даьккхина, аравелира со.

Сан караделлачу кехат тIехь яздира: таIзар токхучу заманчохь цхьана хIуманна дохко а ца ваьлла, зуламан тобанашна тIехIуьттуш вара, административан тергоне эцна а ву аьлла. Iуьйранна 6 сахьт даьлча араваьлча, суьйранна 6 сахьт даьлча цIахь хила везаш вара со.

Цхьа шо даьлча юха а дIалоцу со, талор лелийна аьлла. Оьрсийн дена винчу африкхочуьнгахьа гIо даьккхинера ас, иза ца вейта. Ресторанехь компаница тхо Iачу заманчохь цунна етта буьйлабелира, хIун бахьанаш дара ала ца хаьа суна, я цунна къола дан гIоьртинехь а. Оцу африкхочуьнца хиллачу зудчо кхеле латкъамбина хиллера. 9 шо хан туьйхира суна, цунна къоладан гIоьртинчу нахаца цхьана. ВорхI шо чохь даьккхира ас, тIаккха зуламан хIоттам бац цуьнгара даьллачуьнца аьлла, маьршаваьккхира. Эхашарахь мацалла латтийра ас. Кехат ца яздеш меттиг ца битира, ас ца деш хIума а ца дитира.

Со маьршаваьккхинчул тIаьхьа кхийтира со, сайн кхи некъ цахиларх. Цкъа хьо набахте кхаьчний, хIост туху хьуна тIе. Юха а, юха а чувуллу.

"Камеран чоьхьа ваьлча, вилхира"

- 33 шо набахтехь дIадахна сан. Ден а, ненан а кочахь ах шо даьккхина ас, кехаташ ца хиларна. 1986-1987-гIа а шераш дара уьш. Бутырке а веана, ас боху: "Цхьа кехатан бахьана лойша суна, со маьршаваккхаран тоьшаллина". – "Оха ца ваьккхинахьо маьрша, хьо арахецначаьрга деха ахь кехат", - аьлла, тергал ца ви со.

Кхеле воьду со, цигахь жоп хазий суна: кхи а цхьацца бахьанаш гучудовларца доьзна, хьан гIуллакх юха талла долийна. Хьо тIекхайкхича – кхеле вогIур хьо аьлла, ла а ца дуьйгIи соьга.

Эхашерачохь волавелла лийли со, цхьана компанех а кхетта. Ма-дарра аьлча, сан го ма бара иза, сан дахаран кеп яра. Юха а лоцу со. Рэкет лелийна аьлла, 4 шо делира суна. Массо а Iадийнера. Сербскийн Институто, коьртаца дика вац аьлла, кехат делира суна, ас тIе ца ийцира диагноз.

Бехк ас сайна тIе ца лаьцнехь, сан доттагIашна яккхий хенаш еттар яра цара. Суна сайна цхьанна атта хир дара бехк такха, цундела дерригенна а со бехке ву элира ас. Айса зуламаш дечу заманчохь, со лаца там бара олий, коьрте а ца догIура суна. Хьоьгахь хIилла алсам а ду, хьо массарел а хьекъал долуш а ву аьлла ма хета хьуна.

1991-чу шарахь ара волу со набахтера. ДоттагIий дуьхьал баьхкинера со. Дош лелаш бераш дара уьш. Сан компаньонах цхьаъ йоллу кIоштана тIехиъна вара, тоба яра тхан, жоьлгашца уьйраш латтайора. ХIетахь зуда яло а кхиира со, йоI дуьненчу а елира. Художник ю иза хIинца, масех меттанаш хаьа цунна. ЙоIана-м са ца гатдора ас. Сайн хиллачу зудчунна чIогIа халахетар дина ас, дохковаьлла со цунна. Ма-дарра аьлча, соьга хьоьжуш ца Iийра иза. Iовдал вара со, хIетахь сан хьежамаш а кхи бара, авторитетехь болчу тутмакхашца гергарлонаш дара сан, къуйн дахар дар-кх.

ТIаьххьара 12 шо даьккхира ас набахтехь. Кунцевн базар яр-кх, бедарш юхкуш, шуна дага ягIахь. И базар бахьана долуш сан къийсам бара ас латтош РУБОП-ца. Бандитизм аьллачу артиклца набахте хьажийра со. Велла дIаваллалц набахтехь яккха тоьхначу хенах 12 шо чохь даьккхинчул тIаьхьа арахийцира со. ТIаккха ойла хилира сан: хIан-хIа, тоийта деза ас, аьлла. Нана яра сан меттахь цу хенахь. 2011-гIа шо дара иза.

Гуттаренна а набахтехь вуьтуш, хьуна хан кхайкхийча, хьо велла стаг лара мегар ду. Хьо кху дуьненахь ца хуьлу. Велла дIаваллалц тоьхна хан юхайоккхуш кхелахоша сацам тIеэцначул тIаьхьа, камера чу юхавеача, со вилхира. Суо маршаваьккхича санна хетта.

Суо цхьаъ камера чохь хан яьккхича, ойла йира ас, сан хье а болхбан болабелира кхучу эшарехь. Сайн шерашка юха а хьоьжуш, ойла йора ас: "Нана яла сан, ас эрна яйина хан" олий.

Нагахь хьо къу вуй, хьан долахь хIуммаъ а, я цхьа а хила ца оьшу. Я зуда а, я доьзал а. ХIунда аьлча, хьан уггар а кIеда меттиг хуьлу иза, цаьргаула Iаткъамбан тарло хьуна.

"Набахте вогIуш санна дара сан цIа вар а"

- Тхо санначеран пачхьалкх ца хуьлу. Тоххара бен-башха дацара суна: цIахь а, набахтехь а. Набахте вогIуш санна дара сан цIавар а. Хьалха ларам бара тхоьца, ткъа хIинца муха бу къуй? Бандиталла лело коммерсанташ бу-кх. Тоххара хиллачарех тера берш кIезиг бу.

Со а ву царех, хьалхалерачех. Бакъдерг юьхь дуьххьал дIаолу ас. Меттигерчу блаткомитете ийзаво со: кхузахь менташца компромисс ю тхан.

"Дуьненах самукъа а долуш, цхьана денца вехаш ву со"

 

– Сайна мел цатемаш хилахь а, ирсе хета суна суо хIинца. Iалашонаш а кхи ю сан, мехаллаш а кхи. Со набахтера араваьлча, доттагIий дуьхьал баьхкира суна, юьхьанца дайа аьлла, ахча а делира цара суна.

"Баркалла шуна, суна хIуммаъ ца оьшу. Айса лелорийг лелийна ваьлла со. Кегийнаш бу шуна, уьш тIеизабе", аьлла, нийсачу новкъа велира со.

Пенси вахна. Сайн нана айса дIайоьллира ас, ткъа да кхелхира сан, велла дIаваллалц аьлла, суна хан кхайкхийначул тIаьхьа.

Массо а хIума дIатеттира ас. Айса сайга элира ас: тоьар ду! Цкъа делахь, могушалла тоххара санна яц, йоI ю сан, хIинца кIант а ву. Москохарчу Мневниковскан кIоштарчу Терехово эвлахь вехаш ву со.

Анатолийс хIинца ялийна зуда банкехь кредиташ лучу декъехь болх беш яра. Кредит эца вахначохь евзира цунна иза. Ахча дала дуьхьало йира цунна. ЙоIаца герарло тасаделира. Кафе кхайкхира, юха културан паркехь доладелла а лийлира, параход тIехь хехка а делира.

- Дерриг а дIадийцира ас цуьнга, сайн криминалан хиллачух. Иза кхийтира сох, къахка а ца къаьхкаш. Ши шо гергга ду тхойшиъ цхьана деха. Цкъа а дов ца даьлла тхойшиннан. 28 шо дуьзна цуьнан дукха хан йоццуш. Доьзалхо хила лууш дара тхойшиъ. КIант вели тхуна. ХIара ду-кх ирс! Суна кхи хIуммаъ оьшуш а дац. Бакъдолу дахар ду сан хIинца дIадоьдург аьлла, суна хеттачу заманчохь юха а проблемаш юьйлаелла сан.

2015-чу шарахь дуьйна тхо кхузара арадаха гIерташ, бахьанаш леладо Iедалхоша. Цкъа кехат даийти, "кху адресца йолу меттиг дIаяьккхина транспортан некъан станци ян Iалашонца" аьлла. Юха кхи цхьа кехат кхечи: 15 миллион сом ахча ло оха хьуна, яхийта кхузара аьлла.

Ас экспертиза йича, сан лаьттан мах 309 миллион 239 эзар сом бу аьлла, тIечIагIдира. Ткъа хIинца 25 миллион ло шаьш боху суна.

Ас боху: хьовсийша, суна шуьгара ахча а ца оьшура, витийша со. Сан лергаяхарш ю, кхо газа ю. Газан шура Iаламат дарбане ма ю. Сан котамаш ю, жIаьла ду. И дерриге а эцна со петар чохь ваха муха дIагIур ву? 15 сотай латта ду сан долахь, беш ю сан, моз санна мерза хьач бу. "Белый налив" олу сан Iежийн чам баьккхиний ахь? 27 стоьмийн синтар дийна ас. ЦIазамийн 900 колл ю ас йоьгIна. Суна кхузахь ваха лаьа. Мичча хена а дIакхевдина наьрс, помидор яккха аьтто бу...

Сайн лаьтта тIехь паргIат суо ваха вита лаьа-кх суна цара. Церан миллионаш хьашт дац суна, хIуммаъ ца оьшу. Сайн пенси а, петар чу буьтучу наха лучух а тоам беш схьавогIу со. ХIинца схьадолалур ду сан кIентан пособи а. 100 эзар гергга баттахь пайда хуьлу суна.

Боккъал а ирсе ву со, цхьацца халонаш дуьхьал йийлахь а. Суна товш ю хIара меттиг, цхьанхьа а кхузара ваьлла дIаваха ца лаьа суна. Цхьаннан амбицеш, куралла бахьанехь со хIунда волуш ву сайн мел долчух?!

Цаьрца тIом бан дагахь вац со, пачхьалкхца къийсавалар – пайдабоцу хIума ду. Тоьар ду, ас цаьрца мел латтийна къийсам. Низамашца лела лаьа суна. Со пачхьалкхан низамаш ларден стаг ву

Веллачул тIаьхьа хьайца хIуммаъ дIа ца хьо ахь. Цхьалха дуьненчу а вогIу хьо, ишта цхьалха дIа а воьду. Моргехь верзина Iуьллу хьо, нагахь хьан гергара нах белахь, цара бедарш юху хьуна тIе. И а бу цхьа къинхетам.

Сан кIант ву, со да мел волу хIума цунна дуьтур ду ас. Ткъа цхьаболчу нехан амбицеш бахьана долуш, кху дуьненчохь совваьлларг санна лела везаш-м вац сан кIант?! Суна гуш ду, эхьдацарца со Iехо гIерта уьш.

ХIокху боьхачу пачхьалкхера суна ганза дисина хIун ду? Стенгахь вина со? Магаданехь. Сан массо а гергара нах репрессеш лайна бу, со суа а цхьана. 2011-чу шарахь дуьйнна бен со ваха а ца волавелла.

ХIун дика дина суна кху Iедало? Ас цхьанна а кхаж ца тосу, цкъа а тесна а бац, я тосур болуш а вац. Хьанна тосур бара ас кхаж? Багаца йиъна ца Iаш, дуьйцуш товш дацахь а, дегIан цхьайолчу меженашца а чухьокху цара. Ткъа веллачул тIаьхьа дерриг а хьох дуьсуш ма ду. Со вац ишта хIумнах ца Iебаш. Таханалерачу денца веха со. Сайн гезарий лелайо ас, жIалеш кхобу, хьуна гуш ду-кх, са чохь долу хIума суна муха тIегIерта.

Хасбеша волий, латта охку аса. Воккха а вуьйш дуьне дууш ву-кх со.

Монологан йоллу верси еша аьтто бу шуна Маршо Радион оьрсийн сервсиан сайтехь.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Завод переработки металла построили на земле за 1 рубль в Домодедове

Масштабные учения РСЧС провели в Подмосковье

Составлен ТОП-3 регионов по выдаче кредитов на ИЖС: лидирует Подмосковье

Еще 7 полноприводных машин закупили для лесной охраны Подмосковья

Музыкальные новости

«Заставлял Костомарова мыть свою машину, чтоб потом он на ней покатался по парковке!» Илья Авербух рассказал о дружбе с Романом Костомаровым в шоу «Вкусно с Анфисой Чеховой» на ТВ-3

ЧЭРЗ запланировал оздоровительную кампанию для сотрудников и их детей

Собянин рассказал, как москвичи исполняют заветные мечты детей-сирот

"Евро-Футбол.Ру": "Спартак" не будет подписывать камерунского форварда Абубакара

Новости России

Управление ЗАГС Москвы предупредило о возможном увеличении времени оказания услуг

По-прежнему самый популярный и доступный «Москвич», но уже дороже. С июня установлены новые цены на хитовый кроссовер «Москвич 3»

Екатерина Назарова из Дмитрова победила на Всероссийском конкурсе кондитеров

Хромушин: карта коммунальных услуг МКД Подмосковья показала свою эффективность

Экология в России и мире

Стоматолог Владимир Лосев: сколько времени нужно носить брекеты

Областная наркологическая больница запускает летнюю профилактическую кампанию для юных свердловчан

Бесплатные ежедневные тренировки от сети фитнес-клубов Spirit. Fitness в парке Горького/Музеон

Волжский нарцисс - Плес

Спорт в России и мире

17-летний россиянин Даниил Саркисян разгромил Форбса из США на юниорском «Ролан Гаррос»

Потапова о поражении от Свентек на "Ролан Гаррос": организм дал сбой

Бывшая российская теннисистка спела гимн Франции

Александр Зверев: «Сказал себе, что хочу стать примером для подражания. Я больше не ломаю ракетки, почти не получаю предупреждений»

Moscow.media

Вечернее поле.

Аккумулятор неанонсированного Samsung Galaxy Z Fold6 Ultra сертифицировали

РОССИЮ ОЖИДАЕТ ПЛЮС 50 ГРАДУСОВ: КАКИМ ГОРОДАМ ЖДАТЬ АНОМАЛЬНУЮ ЖАРУ

Пожар в пятиэтажке унес жизнь неосторожного курильщика







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *