Некъахьовзамехь зуда лазийна Нохчийчохь
Еарин дийнахь Устрада-гIаларчу дарбанан хIусаме кхачийна хилла некъахьовзамехь лазийна 39 шо долу зуда. Прокуратуро таллам бича гучудаьлларг ду цунна тIе машен тоьхна хилар.
Болчу хаамца, некъ хадош йолчу цу зудчунна тIекхеттарг ю 36 долчу стага урхалла деш хилла "Тойота Камри" машен. Хилларг толлуш бу полицин белхахой.