Полисхочунна кхаъ бала гIоьртинарг лаьцна Нохчийчохь
![Полисхочунна кхаъ бала гIоьртинарг лаьцна Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/8567CCF4-3023-41A0-8644-DCC2346647F6_w800_h450.jpg)
Ницкъаллийн структурашкарчу белхахочунна 10 эзар сом кхаъ а белла, кIелхьарвала гIоьртинчу Нохчийчуьрчу вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна. Гуьмсерчу станцехь лаьцна 46 шо долу стаг, шегахь патармаш а долуш. Байначу беттан 12-чохь хилла хIара инцидент.
Патармаш гучу а девлла, лаьцна полисхойн декъе валийначу цо 10 эзар сом кховдийна белхахочунна, шена дуьхьал гIуллакх ца долориг. Кхаж бала гIортарна 1, 5 миллион сом гергга гIуда догIу цунна, я набахтехь даккха 8 шо хан а, цо дала кховдийначу ахчан барам 30-зза сов луш гIуда а кхачадо.