Украинан порташ юкъ-кара дIаяьстина Оьрсийчоьно
Азовн хIордатIера Украинан порташ юкъ-кара дIаяьстина Оьрсийчоьно. Украинан инфраструктуран министро Омелян Владимира бина и хаам. Керчан гечонехула Украинан Бердянскерчу а, Мариуполерчу а порташкахьа дIадуьйладелла кеманаш ду гуш, цо бахарехь. Оьрсийчоьно сеца а деш, талламаш беш бу кеманашна, хаамбо украинхойн министро.
Иштта цо дийцарехь, Азовн хIорде чудаха хьоьжуш ду 17 кема, Iаьржа хIордана чукхачаре сатуьйсу цхьана кемано. Портийн йистошкахь лаьтта кхи а исс кема. Украинан порташ дIаеллар "дуьненан юкъаралло йина реакци бахьана долуш ду" аьлла, билгалдаьккхина Омеляна, ишта тешаш ву ша аьлла цо, гергарчу деношкахь йоллу Украинан порташна тоьхна блок дIайоккхур ю аьлла. Дегайовхо лаьтта аьлла министро, Оьрсийчоьнан Iедалхоша лаьцна латтон украинхойн хIордахой а кеста маьршабохург хиларх.
Керчан гечонехь Оьрсийчоь тIелатарх лаьцна Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин Дуьненаюкъарчу кхеле арздан йоллу Украина аьлла, хьалхо хаамбира президента Порошенко Петра ICTV телеканалехула.
"Дерриг а дуьнено къахьега деза" лецнарш цIехьаберзош а, агрессина таIзар деш а, дIахьедира Украинан президента.