Донбассехь харжамаш хIиттийначарна дуьхьал санкцеш йохур ю аьлла Евробертан векалша
![Донбассехь харжамаш хIиттийначарна дуьхьал санкцеш йохур ю аьлла Евробертан векалша](https://gdb.rferl.org/82D7A4D0-6B37-48A9-8197-F2E672B34828_w800_h450.jpg)
Донбассера йозуш йоцуш ю аьлла дIакхайкхийначу "ДНР-н" а, "ЛНР-н" а республикийн территореш тIехь харжамаш дIабахьарна жоьпаллехь волчу исс стагна дуьхьал санкцеш яха бартбина Европерчу пачхьалкхаша. Маршо Радион корреспонденто Йозвяк Рикарда бина и хаам. Информаци ишта тIечIагIйина Оьрсийчоьнан цхьаболчу хаамийн гIирсаша а, РБК агенталло а цхьана.
Донбассерчу "республикийн" куьйгалхой къастош харжамаш дIабаьхьира байначу беттан 11-чохь. Цу дийннехь хилира парламентан харжамаш а.
Дуьненаюкъарчу пачхьалкхаша а, Украинан Iедалхоша а легитиме ца лерира харжамаш, Минскан барт бохийна цара аьлла, дIа а кхайкхош. Цуьнца доьзна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Москохна санкцешца тIеIаткъам бийр бу шаьш аьлла, кхерамаш тесна.