Наркотикаш яьхна Нохчийчохь зудчуьнгара
![Наркотикаш яьхна Нохчийчохь зудчуьнгара](https://gdb.rferl.org/268AB04A-5935-4218-9284-F7A93DC06322_cx0_cy8_cw0_w800_h450.jpg)
Соьлжа-ГIаларчу Грозненск кIоштан прокуроро тIечIагIдина меттигерчу яхархочунна дуьхьал айдина бехкзуламан гIуллакх
Цунна бехкедуьллу баккхийчу барамашкахь наркотикаш латтор. Кху шеран аьхка Шела кIоштахь кIомалан гIаш а даьхна, уьш дакъош, кепа тоьхна хилла цо. Оперативан барамаш дIахьочу заманчохь полисхоша и зуда дIа а лоцуш, цуьнгара кIомал яьккхина.
Кхело гIуллакх листинчул тIаьхьа набахтехь даккха 3 шо а, ах шо а хан тоьхна зудчунна.