"Грозный" телеканалан а, Кадыровн а реакцига хьоьжу Нохчийчуьра бахархой
Социалан машанашкахь бахархоша пост дIасаяржийна: "Автомобилан долахо чолхечу хьолехь дарбан цIийнехь ву. Ткъа Мерседесан" шоферна зен ца хилла. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалера хиллачух репортаж ларъеш ду тхо… Ишта сатуьйсу оха Кадыровс ден долчу дIахьедаре а", аьллачу дешнашца.
Билгалдоккху, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь а информаци гучуяьлла, Соьлжа-ГIалахь хиллачу инцидентах. Амма дуьйцуш дац, бехкечунна дуьхьал долийначу гIуллакхах а, ден долчу таIзарх а.